Аль-ЯсаӀ
Аль-ЯсаӀ | |
---|---|
Ӏаьр. اليسع | |
Говзалла | тамашийна гӀуллакхаш дийриг, хьехамча |
Вина терахь | гергга 885 в. э. хьалха[1] |
Вина меттиг |
|
Кхелхина терахь | гергга 790 в. э. хьалха |
Кхелхина меттиг | |
ДӀавоьллина меттиг | Аль-Авджамехь |
Пачхьалкх |
|
Къам, некъе | Исраилхой |
Динлелор | ислам |
Хьехархой | Ильяс[2] |
Лоруш волу динаш | ислам, насаралла, жуьгталла |
Аль-ЯсаӀ, Аль-ЛайсаӀ (Ӏаьр. اليسع) — иза пайхамар а, Ильяс пайхамаран мутаӀелим а ву. Ислаилхошка ваийтна ву Ильяс пайхамар дӀаваьлла чул тӀаьхьа. Къуръан чохь шозза хьахийна ву[3].
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Аль-ЯсаӀ пайхамар ваьхна Ильяс пайхамаран а, веа исраилан паччахьийн (Иораман, Иегун, Иоахазан, Иоасан) а заманахь. Ильяс шен халкъо эккхийначул тӀаьхьа, иза волавелира дин хьеха кхечу исраилан тайпанашна, цхьамма царех и тӀеийцира. Ильяс сецира оцу хенахь чӀогӀа цомгуш волчу Аль-ЯсаӀан ненан хӀусамехь. Аль-ЯсаӀан нанас дехар дина Ильяс пайхамара дуӀа дина, АллахӀа иза товира. Товеллачул тӀаьхьа Аль-ЯсаӀ цуьнан дахар дӀадаллалц Ильяс пайхамарах ца велира, цуьнан куьйгаллийца Ӏамийра Товрат[3]. Исламан Ӏелам стага Ибн Касира силсила толлу Аль-ЯсаӀан, ден агӀора иза йоьду Харуне[4].
Ильяс кхелхинчул тӀаьхьа Аль-ЯсаӀ пайхамар кхин дӀа кхайкха волавелира бану исраилашка Муса пайхамаран дине, амма цара иза дӀатеттира. Бану исраилан тайпанашна йукъахь лилхинчу девнаш бахьнехь ницкъаш гӀелделира, цуо таро йира ассирийхойн схьадаха и латтанаш, дӀабига исраилхойн доккхаха долу дакъа лолле[3].
Аль-ЯсаӀан караматалла йара[3].
Ша валале Аль-ЯсаӀа шен гӀуллакх дӀакхехьа тӀедиллира Зу-ль-Кифлан[3]. Каш ду Эль-Авджамехь, Эль-КъатӀифан йисттехь (СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан малхбуза провинци)[5].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Али-заде А. А. Аль-ЯсаӀ : [арх. 1 октябрехь 2011] // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Prophet Al-Yasa Архивйина 2019-01-28 — Wayback Machine al-huda.com
- The Story of Al-Yasa (Elisha) Архивйина 2012-07-10 — Wayback Machine islam101.com
- Могила пророка Аль-Яса (Елисея) (видео) youtube.com
ХӀара исламан адамех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |