Чулацаман тӀегӀо

Абу Нувас

Талларе хьожуш
1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абу Нувас
أبو نواس
Бакъ цӀе Хасан ибн Хани
ГӀуллакхан тайпа поэт, йаздархо
Вина терахь VIII бӀешеран йукъ
Вина меттиг Ахваз
Кхелхина терахь 813-815 шо
Кхелхина меттиг
Корматалла поэт
Абу Нувас Викилармехь

Абу́ Нува́с аль-Хасан бен Хани аль-Хаками (араб. أبو نواس الحسن بن هانئ الحكمي‎‎; VIII бӀешеран юккъ — 813—815 шераш) — ХIарун-аль-Рашид а, аль-Амин а хенахь Ӏийна гӀарваьлла Ӏарбойн поэт ву.[3]

Жималла а, кхолларал дӀайолаяр а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Абу Нувас вара къе азатхон доьзалера. Цуьна да вара цкъа Ӏарбош лецна лай вина. Амма тӀаьхьа цунна паргӀато йелира. Иза тӀаьххьара Омейяди халиф Марван II эскерахь салти вара[4].

Абу Нувас нана гӀажари йара. Цо рицкъ доккхура эханг йуьттуш. Абу Нувас вина Хузистана Ахваз йуьртахь. Цуьна вина шо тайп-тайпана йаздо: 747 шера дуьна дӀа 762 шо кхаччалц. Шен жималла хан цо йаьккхинера Басрехь. Иза хаза хоьжа йолу бецаш йохкархон туькнахь бецаш гулйеш вара.

Абу Нувасан шен да вевзаш вацара. Цхьаболчара олу Абу вина меттиг Басра йу, вукхара хьехош ериг Дамаск йа Ахваз йу. Абу Нувас вахара Багдаде. Кесста и нахана вевзира шен самукъане поэзи бахьнехь. Цо шен байташкахь йуцура гӀум-аре а, гӀалахь долу дахар а, къеркъа малар а, таллар а. Иштта цо хестабо шен гӀолоцурш. Цунна хазахетара нах цецбохуш, цундела цо исламехь ца могуьйту хӀумнаш йаздора.

Исмаил бен Нубахт аьллера цунах лецна: «Суна цкъа а ца гинера Абу Нувасел дешна стаг, цунчул дукха книгийн шкафаш йолуш, цунчул дукха книгаш йолуш».

VIII—IX бӀешерашкахь Басра йара Ӏарбой филологийн коьрта меттиг. Кхузахь Абу Нувасин бойзира филологаш-Ӏилманчаш. Цара гӀодира цунна цу хенахь хиллачух тоьлла образовани яккха. Кхузахь цунна вевзира Валиба ибн аль-Хубаб. Абу Нуваси аьтто белира Валибис ша дешархо хьаэцна. Валибас йазйинарг цуьна вина гӀалин Куфан дуккха генахь йевзаш йара. Кхузахь цуьна йиш йара шен хьехархон байташ ладогӀа а, дӀайазйа а, поэташан къовсамехь хила а[5].

Иштта а Валибис йукъавалира Абу «дашо кегирхойн» тобане йукъа. Оцу тобанехь йоккхура цо хан цкъа хьалха Басрехь а, цул тӀехьа Куфехь а, халифатан коьрта гӀалахь — Багдадехь а. Кхузахь иза тидаме ийцира а, шена тӀе а уьйзуьра гӀарвелла поэзин гӀолоцушволу халифас Харун ар-Рашид. Халифан уллу волуш цо Абу Нувасас йазйора халиф а, цуьна гергарниш а, кхиболу а даржехь болу нах хестош байташ.

Амма Абу Нувас даимна а сакъоьруш вацар. Цуьна байташкахь дуьнен харцо а юцу, адамашна гушйолу халонаш а. Цо ойланаш йу дуьненахь самукъадолуш а, валарах лаьцна дуьйцуш гӀила а. Оцунна бахьан цуьна шен дог-ойла бе доцург, йукъерчу бӀешерашкахь хилла поэзина билгало йу. Цу хенахь поэт цхьана болх бора тайп-тайпана жанрашкахь. Цо йазйора дуьненах дог диллина элегиш а, дӀовше сатираш а, безам а, къерка а хаьстош байташ а.

Цхьаболчу йуккъербӀешарашкара критикашна дуьххьара дӀа цуьна стиль хазахератара. Царна йукъахь вара гӀарвелла прозаик а, филолог а Аль-Джахиз. Цо олура: «Суна цхьа стаг ца гина Абу Нувасал дик мотт хууш а, цо санна говза уьш вовшах хоттош а, цул дика цатамехь хазарах ларлуш а». Вукхарна хазахетар дуьххьара дӀа керла а, ша-тайпа а поэзин идейш.

Абу Нувас вара вуно атта вехаш. Шен гӀолоцурш ша ларвахь а, во леларна бахьнехь дукхазза набахте чувуллура иза. Абу Нувас йазйина байташ дукха нахан йевзара — уьш кхета атта а йара, сирла васте а йара, царна чохь шира а, кхета хала долу а дешнаш дацара. Цуьна заманхой буьцу — цхьа болчара реза а болуш, вукхара реза а боцуш — цуьна халкъега бола безам[5].

И хан йара Ӏарбой культурин а, Ӏилманан а дашо хан. Багдад йара дуьненахь массарелла а йокху гӀала. Абу Нувас, схьахетарехь, керла халиф щеца дика хилийта лууш вара. Керла халиф дешна стаг лоруш вара наха.

Абу Нувас хенахь Багдадера хьалдолу нахана йукъахь исламс къеркъа цамагийтар дицдина дара. Харун аль-Рашид а, аль-Амин а шайн цӀахь гӀовгӀане тойнаш йора. Царех тарбала гӀерташ цера гергарниш а, хьал долу нах а бохкур. Къеркъа духку туьканаш мархин баттахь бен дӀа ца къовлура.

Махках ваккхар а, чуволлар а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Харун аль-Рашидас шел хьлха хилла халиф Бармекид вийнера. Абу Нувасе Египте вада дийзира цо Бармекидаш хастош байташ йазйинчултӀехь. Абу Нувас йухавеара Багдаде 809 шарахь Харун аль-Рашид веллачултӀехь. Абу Нувас аьтто хилира керла халиф аль-Амин хоьттина. Иза вара 22 шо кхьачна Абу Нувасас Ӏамийна Харун аль-Рашид кӀант. Шен гӀарйалла Касида аьлла байт Абу Нувасас йазйира аль-Амин сай деш.

Шен тӀаьххьара шераш Абу Нувас даьккхира Багдадехь аль-Амин уллера поэт хилла. Поэтан заманхой, цуьна харцхьахиларна реза боцушшехь, неха тидам хьажора цуьна дешна хилартӀе, цунна кӀорге медицина а, астрономи а, кхидолу Ӏилманаш хаарна[4].

Амма Абу Нувас чувоьллинера аль-Аминан цуьна малар а, талхар а кӀординчултӀехь. Схьадийцарехь, Абу Нувас йа чувоьллинчохь велира, йа Исмаил бен Абу Сахельс дӀовш малийна винера.

Цхьаболчу цуьна заманхош дуьйцура набахтехь Абу Нувас дохко а велла дин тӀе вирзинера аьлла. Вукхара бохура цо йазйина дохквелла байт шен халифига гечдайтархьам йазйина.

ТӀаьхьало а, виццавалар а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Абу Нувас лоруш ву Ӏарбой литературин сийлахь-воккха векал. Цуьна Ӏаткъар хаалуш йу кхоьчу тӀехьабехкина Ӏарбой йаздархойн а, поэтийн а кхолларалехь. Царна йукъахь бу Омар Хайям а, Хафиз Ширази а. Абу Нувас забаре сурт гучудолу «Эзар а, цхьаъ а буьйса» аьлла туьйранашкахь.

Цо вуно дукха байташ йазйина. Цо йазйина байташ массо а жанрашкахь йу. Цул совнах иза лоруш ву талламан байти жанр кхоьллинарг — тардийят. Абу Нувасал хьалха цхьаа вацар иштта байташ йазйаш.

Цо шена хетарг маьрша олура, цхьадериг цо аьлларг исламца догӀуш дацара. Цуьна произведениш паргӀата лелаш йара нахан йукъахь ХХ бӀешо кхаччалца. 1932 шарахь Каирехь арабелира цензурех чекхъбелла цуьна байти гулам.

Багдад истори йазйаш волу Аль-Хатиб аль-Багдади йаздо, Абу Нувас Багдадехь Шинизи кешнашкахь дӀавоьллина аьлла. Оцу гӀалехь йу масийтта меттиг цуьна цӀе тиллина. Абу Нувас цӀарах урам бу Тигр малхбалехьара берд йистехула боьдуш. Иштта а Багдадехь йолуш йу цуьна цӀарах беш.

1976 шарахь Абу Нувас цӀе Меркурий тӀехь йолу кратеран тиллина.

Гоч а, литературоведени а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Вуно дукху Абу Нувасас йазйина байташ хӀинца а Ӏарбо маттара гочдаз йу. Ингалс матта а беккхина бац цуьна коьрта балхаш бе. 1933 шарахь арахецна йолу Ингармсас («Abu Nuwas in Life and Legend» («Абу Нувасе дахар а, цунах лецна дийцараш а»)) йазйина биографин талламчохь Абу Нувасехь лаьцна хуушдерг кхаа дакъе декъна ду: цуьна дахар а, къайленаш а, кхоьллина хӀумнаш а.

Иштта а болуш бу кхи шиъ лараме Абу Нувасех лецна болх: Рейнольд Никольсон (Reynold A. Nicholson) «A Literary History of the Arabs» («Ӏарбой литературин истори», 1 ред. — 1907; 2 ред. — 1930); Филипп Хитти (Philip K. Hitti) «The History of the Arabs» («Ӏарбой истори», 1937; 8-гӀа ред. — 1963). Оцу шинна книгехь гуш йу цьуна заманхой Абу Нувасех лецна хетараг.

Евзуш йу Джеймс Критчек (James Kritzeck) йазйина книга «Anthology of Islamic Literature from the Rise of Islam to Modern Times» («Ислам кхоьллинчу дуьна дӀа таханлера деношка кхаччалца Исламан литературин истори», 1966).[6]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]