Керлагвинейн хӀорд
Керлагвинейн хӀорд | |
---|---|
инг. Bismarck Sea | |
Амалш | |
Майда | 310 эз. км² |
Дуккха кӀоргалла | 2665 м |
Лаьтта меттиг | |
3°53′10″ къ. ш. 148°42′39″ м. д.HGЯO | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Керлагвине́йн хӀорд я Бисмаркан хӀорд (инг. Bismarck Sea) — Тийна океанан малхбузера гӀайренаш йукъара хӀорд, къилбаседехь а, малхбалехь а, къилбехь а доза тоьхна Бисмаркан архипелаго, малхбузехьа — Керла Гвиней гӀайренца; зӀе ю Витязь хидоькъечухула Соломонан хӀордаца. ХӀордан Йуккъера кӀоргалла ю 1700 м, максимум кӀоргалла — 2665 м. Керлагвинейн хӀордан майда — 310 эз. км² гергга.
ХӀордан бух шортта кегийра гунаш а, ТӀапломан гӀайренаш а долуш аккумулятиван акъари ю. ХӀордан акваторехь хуьлу лакхара сейсможигаралла, сих-сиха хуьлу хин бухара мохкбегор.
Бердаш нийса ду. Дукха маржанийн рифаш ду. Керла Гвиней гӀайренан уллохула сихаллийца 0,5—0,75 м/с чекхдолуш ду Керлагвинейн хилелар. ГӀайренаш юкъахула хаало хӀорд чӀогӀа тӀекхетар.
Хин тӀехулара температуран юккъера барам 28 °С. Дуралла 34‰, океанан юккъерчу барамал лахара ю, алссама атмосферан йочанаш хилар бахьнехь. ХӀорд чу кхета даккхий хиш Сепик а, Раму а (ший а Керла Гвинейн къилбаседа-малхбален бердаца).
Коьрта порташ: Маданг Астроляби айман Керла Гвиней гӀайренан берд тӀехь, Рабаул Керла Британи гӀайрен тӀехь.
Керлагвинейн хӀордан акваторехь долу дерриг бердаш а, гӀайренаш а, хӀинца ду Папуа — Керла Гвинейн.
Керлагвинейн хӀордан географи толлуш боккха болх бина оьрсийн хӀордан экспедицеш (масала, «Витязь» корвет-кеманахь), уьш боьзна бу Н. Н. Миклухо-Маклайн белхашца, цуьнан сийнна цӀе тиллина Керлагвинейн хӀордан бердайистан — Миклухо-Маклайн берд.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]1910 шарахь дуьйна ингалсан картографехь цӀе йелла Бисмаркан хӀорд, хийцина германхойн Пруссийн арахьара гӀуллакхийн министран Бисмарк Оттон сий деш.
Хаза факташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]1943 шеран 2—4 мартехь хӀорда чохь хилла америкин-австралийн а, японан а эскаршна юкъахь боккха тӀом. Японан канон тӀелетта бартхойн авиацис 1943 шеран 3—4 мартехь бухадахийтира бархӀ эскаран транспорт а, диъ эсминец а.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Керлагвинейн хӀорд — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |