Чулацаман тӀегӀо

Къемат дийнахь хилла тӀом

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Къемат дийнахь хилла тӀом
Мисаран эскар Суэцан татол хадош йу
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Къемат-дийнан тӀом (иштта Октябран тӀом, «1973-чу шеран Ӏаьрбийн-исраилан тӀом») — 1973-чу шеран эсаран-беттан (октябран) 6-чохь 23-чу дийне кхаччалц Ӏаьрбийн пачхьалкхийн а, Исраилан а йукъахь хилла тӀеман конфликт йу. Конфликт эккхаран таронаш йара Мисарна, Шемна Йалх дийнан тӀамехь йайна территореш йуха шайн карайерзор лаам.

ТӀом болабелла 1973-чу шарахь эсаран беттан (октябран) 6-чохь Ӏаьрбийн коалици исраилан позицешна тӀелатарца. Оцу дийнахь жуьгтий шайн Къемат-де цӀе йолу дезде даздеш бара. Иза яхӀудийн коьрта дезде ду.