Монро, Мэрилин
Мэрили́н Монро | |
---|---|
Marilyn Monroe | |
Бакъ цӀе | Норма Джин Мортенсон |
ГӀуллакхан тайпа | киноактёр, модель, кинопродюсер, эшархо, автобиограф, Playboy Playmate, фотомодель, актёр |
Йина терахь | 1926 шеран 1 июнь[1][2][…] |
Йина меттиг | Лос-Анджелес, АЦШ |
Кхелхина терахь | 1962 шеран 4 август[3] (36 шо) йа 1962 шеран 5 август[4] (36 шо) |
Кхелхина меттиг | Лос-Анджелес, АЦШ |
Корматалла | актриса, эшархо |
Гражданалла | АЦШ |
Да | Мартин Эдвард Мортенсон |
Нана | Глэдис Пёрл Бейкер |
Майра | Джеймс Эдвард Догерти |
Сайт | http://www.marilynmonroe.com/ |
Куьг таӀор | |
Мэрили́н Монро Викилармехь |
Мэрили́н Монро[5] (инг. Marilyn Monroe, Бакъ цӀе Норма Джин Мортенсон, инг. Norma Jeane Mortensоn, жӀара оьллича тиллина цӀе Норма Джин Бейкер, инг. Norma Jeane Baker; 1926 шеран 1 июнь, Лос-Анджелес — 1962 шеран 5 август, циггахь)[6] — Америкин киноактриса а, эшархо а.
Жималла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Норма Джин Бейкер йина Лос-Анджелесехь 1926 шеран 1 июнехь. Иза йара шен доьзаллехь кхозлугӀа бера. Цуьна нана йара Мексикехь йина киномонтажник Глэдис Пёрл Бейкер (маре йахале — Монро, 1902 шеран 27 май — 1984 шеран 11 март). Цуьна ненан нана йара Делла Монро, иза Ирландера йара. Ненан да вара Отис Монро[7], иза веанера Шотландера. Мэрилин да мила ву хууш дац.
1934 шарахь Глэдис психиатрин больнице йиллинера[8].
Цхьа болчара олу Норма Джин Мортенсон цӀе тиллина цу хенахь хилла шина гӀарйалла актрисин цӀарах: Норма Толмадж а, Джин Харлоу а. Амма Мэрилин йиначу хенахь Джин Харлоу цӀе йара Харлин Карпентер. Цо цӀе хийцира 1928 шарахь, Норма Джин ши шо кхаьчна йолуш хенахь.
Шен бераллехь Мэрилин дукха хан йаьккхина неха доьзаллашкахь а, берий тӀеоьцаллашкахь а. Иза ши къира кхаьчна йолуш хенахь нанас иза дӀаеллера лулара доьзаллачу — Ида а, Альберт а Болендерш[9]. Цаьгахь Норма йехира ворхӀ шо кхаччалц. 1933 шарахь нанас иза шеца дӀайигира шен цӀачу[10]. Бераллехь даьхна сурташ тӀехь Норма Джин месаш хьийзина цӀен-боьмаша йу.
Шен нана больнице йиллича Норма шен доттагӀа Глэдис Бейкер а, цуьна доладийраг Грейс Макки а йолчахь Ӏа йолайелира. Макки 1935 шарахь маре йахара. ТӀаккха Норма берийн цӀа чу дӀайелира[11]. 1937 шарахь Грейсас Норма йуха дӀайигира. Цул тӀаьхьа Норма Джин дукха доьзаллашкахь Ӏийна. 1941 шарахь иза йуха а Грейс Годдарт доьзалле хьакхечира[12].
«Van Nuys High School» школехь Нормас доьшуш хенахь цунна дуьхьула кхитира Джеймс Эдвард Догерти. Царна йукъахь безам болабелира[13][14].
1942 шарахь Годдард доьзаллина дагадеанера Вирджини дӀадагӀа. Оцу дӀадагӀаран йукъахь Норма Джинан меттиг йацара. Цун дела 1942 шеран 19 июнехь иза Джим Доггертига маре йахана шен майра волчу дӀайахара. Зуда йалинчул тӀаьхьа майра махлелоран флоте балха вахара, Норма авиазаводе балха йахара. 1944 шарахь заводе веара армин фотограф Дэвид Коновер. Иза вара тӀеман заводашкахь болх беш йолу зударий пропагандин сурташ дохуш. Цо элира Нормега ша волчу балха йола хӀора сахьтехь 5 долларах. Норма реза хилира[11]. Цхьа хан йаьлча Нормас заводера болх битина модель болх ба йолало.
1945 шарахь 19 шо кхаьчна модель Норма Джин Догерти Blue Book богӀу Лос-Анджелесехь йолу Ambassador хьешийн цӀахь моделан агентстве консультаци йеара. Цул тӀаьхьа иза гӀарйала йолайелира[15].
Голливудехь йина карьера
[бӀаьра нисйан | нисйан]1946 шарахь цуьнга элира 20th Century Fox киностудица чӀагӀам бе. Иза цига статист болх ба кхойкхуш йара. Цигахь цо хержира шена керла цӀе — Мэрилин Монро. Монро йара цуьна ненан маре йахале хилла фамили.
Маре йаханчула тӀехь дукха хан йалале шен карьерин ойла йа йолайелира Монро. И карьера бахьнехь цуьна маре йухира. 1946 шарахь иза шен майрица дӀасакъестира.
1948 шарахь арайелира «Хористкаш» аьлла Columbia Pictures киностудехь йаьккхина фильм. Иза йара хьалхара Мэрилин йист хуьлуш а, эшар а локхуш фильм. 20th Century Fox киностудиса цуьнца ворхӀ шеран чӀагӀам а бинера, «Асфальтан джунглеш» аьлла фильмехь роль а йелира.
1954 шарахь иза Джо Ди Маджо боху бейсболистега маре йахара. ТӀаьхьо хааделира Ди Маджо чӀогӀа эмгаралла деш хилли. Цо кест-кеста шен зудчун йетташ хиллера. И бахьнехь уьш дӀасакъестинера 1954 шарахь. Амма и йеллачул тӀаьхьа Ди Маджо бен ца веанера цунна кадам бан. Иштта иза вара массо а тӀаьхьадгӀучу шерашкахь Мэрилинан гӀо дан гӀерташ. Ди Маджога маре йаханчул тӀехь 20th Century Fox киностудис кхайкхира Монро «Шоу-бизнесал тоьлла бизнес йац» аьлла мюзиклехь дакъа лаца.
1954 шарахь Мэрилинин делира «Массарелла а гӀарйаалла актриса» аьлла совгӀат. 1955 шарахь Мэрилинс хаийтира ша шен долахь йолу «Мэрилин Монро Продакшнс» аьлла корпораци кхоллар. Оцу корпорацехь иза йара президент а, контрол акцин пакет долахь йериг а.
1961 шарахь Монро Артур Миллерца дӀасакъестира. Цо йаьккхина «Неприкаянные» фильман критикаш реза ца хилира. Иза шен цӀахь йисира, шен кхоьлиначу дуьйшу чохь, наб кхоьтуьту молханиш муьлуш а, сиха азлуш а. Оцу шарахь иза Нью-Йоркера психиатрин клинике чу йиллинера.
Йахар
[бӀаьра нисйан | нисйан]1950 шарахь цуна вевзира драматург Артур Миллер, амма уьш дӀасакъестир. 1955 шарахь уьш йуха а цхьанакхитира. Артур цу хенахь шен зудчунца дӀасакъестин вара, цуьна зудчунах ши бера диснера. 1956 шеран 29 июнехь Артурс йалинера Монро. Ши де даьлча цара жуьгтин ловзар динера (Артур жуьгти вара). И маре Мэрилин марех массара йеха хиллера. Уьш дӀасакъестинера 1961 шеран 20 январехь.
Мэрилин бераш дезаш йара, амма цуьна бера дар ца хуьлура[16][17].
1961 шарахь цуна вевзира тӀаьхьо Америкин президент хилла Джон Кеннеди. Хабараш дара уьш вовше дезараш ду аьлла, амма оцунна цхьа а тешалла дац. Иштта а цунна вевзаш вара Роберт Кеннеди. Изза хабараш царах дуьйцуш дара, амма цунна а тешалла дац.
Политикин хетарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Мэрилин Монро секретарь а, доттагӀ а Патрисия Ньюкомб ма дийцара, шегара тӀаьххьара интервью оьцуш Мэрилинс репортерига дохура шех лаьцна статья иштта чекхйаккха: «Дуьненна а боккъала оьшург гергалло йу. Массо а: гӀарбойла нах а, белхалой а, Ӏаьржаниш а, жуьгти а, Ӏарбой а — вай массо а вежари бу. Со ладамза ма гайта нахан. Интервью чекхйоккхуш со тешаш ериг йазде»[18].
Монро йара Элла Фитцджеральд боху Ӏаржа джазан эшархон доттагӀ. Монрос гӀо дора цунна. Кхоно Эллас дуьйцура: "Со боккъула декхарехь йу Мэрилин Монрон. И бахьнехь со йолайелира «Mocambo» бохучу 1950-гӀа шерашкахь гӀарйалла клубехь болхба. Цо ша телефон туьхуьра оцу клубан дега. Цо элира шена лаьа Элла оцу клубе балха эца. Нагахь санна иза балха эцахь ша хьалхара стол лоцур йара оцу клубехь хоӀра буьсан. Цо элира ша бахьнехь пресса хьера йера йу. Клубан да реза хилира. Мэрилин хӀора суьранна хуьлура оцу клубехь. Цул тӀаьхьа сан цкъаа ца дийзира жимачу клубашкахь болх бан. Иза шен тайпа зуда йара, шен хенан хьалха йехаш йара иза. Цунна шена ца хаьара иза[19].
1962 шарахь Мексикехь Ӏаш болу американцашка цуьна уьра йара. И нах ФБРс коммунисташ бу аьлла къастабина бара, масала Фредерик Вандербильт Филд. Джоана Гринсон, Монро тӀаьххьара хилла волу психиатран йоӀа аьллера:
"Иза йара массо а нахана цхьабоса бакъонаш йала лууш — Ӏаьржачарна а, къечарна а. Цунна ша белхало хетара[20].
Йалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]1962 шеран 4 августехь суьйранна Мэрилин Монрос телефон туьйхира Питер Лофорде. Иза вара Джон Ф. Кеннеди Пэт боху йиша йалийна британин артист. Мэрилин аз дара набарах йаьлча санна. Шен хабар цо вуо дӀахадийра: «Соьгара Ӏодикае Пэт а, президенте а, хьай а. Хьо дика кӀант ву». Масийтта сахьт даьлча Монро йелла каринера шен цӀахь Лос-Анджелесехь.
Юнис Маррис, Монрон Ӏуналхо, элира, шен 3:30 цуьна дӀайужу чохь серло гинера. Кхерайелла цо телефон туьхуьра Монрон психиатре Ральф Гринсоне а, цуьна лоьре Хайман Энгелберге а. Гринсон 3:40 хьавеара. Цунна карийнера Монро йелла. Йалар бахьан экспертизо гайтинера «дӀовш далар, схьахетарех барбитураташ бахьнехь». Полицин отчетехь йаздира: «Тера ду ша шен йер».
Цуьна маьнгин уллехь дара деса гӀутакх набкхоьтиту молхнех. 14 кхидолу гӀутакх дара стол тӀехь. Монрос цхьа а йоза ца дитанера. ЭтӀайича лоьраш элира Монро набкхоьтуьту молханех дӀовшдаьлла йелла. И бахьан дукха дуьцара америкин прессехь. И дукха дицар бахьнехь масийтта бӀе стага цо санна шеш байира[21].
Иза дӀайоллира 1962 шеран 8 августехь Вествудан кешнашкахь.
Хилларш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1960 шеран 8 февралехь Мэрилин Монро сий деш Голливудера «Сийлахь аллеяхь» седа биллинера[22].
- Леди Гагас локхуш йолу «Government Hooker», Blue System локху «The Wind Cries (Who Killed Norma Jean)», Марк Эшлис локху «Marilyn’s Dream», Глен Данцигс локху «Who Killed Marylin», Элтон Джонс локху «Candle in the Wind» (1973) эшарш йу Мэрилин Монрон хьажийна йаьккхина.
- Мэрилин Монро сурт дара Playboy хьалхара номеран мужалт тӀехь.
- 2011 шеран 19 июнехь цуьна гӀарйалла «тӀемайолу коч» («ВорхӀулгӀа шеран къамдалар» аьлла фильмера гӀардаьлла сурт) йохкинера Лос-Анджелесехь «Profile in History» аукционехь 4,6 млн долларах[23].
- Мэрилин Монрос аьлла нахана девза дешнаш: «ЙоӀе лекха кӀажош тӀехь ши мача йелча цо динна дуьне доккхурду!», «Суна хазахета хаза божарий! Амма уьш кӀезга бу вайн йукъахь… Шуна бевзи уьш? Радж Капур, Кларк Гейбл, Лоуренс Оливье, кхин бан а бац!».
- 2011 шеран 15 июлехь Чикагохь хьайиллина 8 метр лекха йолу скульптура «Мэрилин даиманна» аьлла. Цо гойту Монро иза «ВорхӀулгӀа шеран кӀамдар» фильмехь Нью-Йоркехь вентиляцин цацин тӀехь лаьттеш а, хӀавао цуьна коч хьалауьбуш а. Скульптор — Стюарт Джонсон. 2012 шеран бӀестехь и сурт дӀадаккха дагахь бу[24].
- 2010 шарахь арайелира «Coco Mademoiselle» аьлла ролик. Иза йу Мэрилинан а, Дуглас Киркланд боху фотографан а безам буьцуш.
- 2011 шарахь арайелира «ВорхӀ буьйса Мэрилинца» аьлла фильм. Коьрта роль левзира Мишель Уильямс. Фильмехь йуьйцу Мэрилинс «Принц а, хелхархо а» аьлла фильм йоккхуш Лоуренс Оливьеца цхьана болх бара.
СовгӀаташ а, номинациш а
[бӀаьра нисйан | нисйан]СовгӀаташ а, номинациш а | ||||
---|---|---|---|---|
СовгӀат | Шо | Категори | Фильм | Жам |
BAFTA | 1956 шо | Тоьлла кхоьчу паччхалкхара актриса | ВорхӀулгӀучу дийна кӀамдар | Кеп:Номинация |
1958 шо | Принц а, хелхархо а | Кеп:Номинация | ||
Давид ди Донателло кино совгӀат | 1958 | Принц а, хелхархо а | Кеп:Награда | |
Дашо глобус | 1954 шо | Тоьлла фильм — Зудчун роль | Кеп:Награда | |
1957 | Тоьлла актриса — Комеди/Мюзикл | Автобус сацор | Кеп:Номинация | |
1960 | Тоьлла актриса — Эшари фильм/Комеди | Джазехь йоӀари бен бац | Кеп:Награда | |
1962 шо | Тоьлла фильм — Зудчун роль | Кеп:Награда | ||
Laurel Awards | 1958 шо | Тоьлла актриса | Кеп:Номинация | |
1958 шо | Комедин тоьлла актриса | Принц и танцовщица | Кеп:Номинация | |
1959 шо | Тоьлла актриса | Кеп:Номинация | ||
1960 шо | Комедин тоьлла актриса | Джазехь йоӀари бен бац | Кеп:Номинация | |
1960 шо | Тоьлла актриса | Кеп:Номинация | ||
1961 шо | Тоьлла актриса | Кеп:Номинация | ||
1962 шо | Тоьлла актриса | Кеп:Номинация | ||
Photoplay Awards | 1952 шо | Кеп:Награда | ||
1953 шо | Кеп:Награда | |||
Голливудан «Сийлахь аллей» | 1960 шо | Кеп:Награда |
Фильмографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Год | Фильм | Шен цӀе | Роль |
1947 шо | Къемате мисс Пилгрим | The Shocking Miss Pilgrim | Оператор на телефоне |
1947 шо | Кхерме шераш | Dangerous Years | Иви |
1948 шо | Скудда-у! Скудда-эй! | Scudda Hoo! Scudda Hay! | Каноэ чохь йолу йоӀ Килс чура арайолу йоӀ |
1948 шо | Хористкаш | Ladies of the Chorus | Пегги Мартин |
1949 шо | Ирсе безам | Love Happy | Клиентка Груниона |
1950 шо | Томагавке воьду билет | A Ticket to Tomahawk | Клара |
1950 шо | Аьтту жӀара | Right Cross | Dusky Ledoux |
1950 шо | ЦӀеран горгал | The Fireball | Полли |
1950 шо | Асфальтан джунглеш | The Asphalt Jungle | Анджела Финлей |
1950 шо | Дерриг а Евех лецна | All About Eve | Мисс Казуэлл |
1951 шо | Безаман бен | Love Nest | Роберта 'Бобби' Стивенс |
1951 шо | Волчулу жима хетар вац хьуна хьо | As Young as You Feel | Гарриет |
1951 шо | Хьоме гӀалин дахарехь | Home Town Story | Ирис Мартин |
1951 шо | Маре йолахь соьга | Let’s Make It Legal | Джойс Маннеринг |
1952 шо | Буса вовшахтасадалар | Clash by Night | Пегги |
1952 шо | Тхо зуда йалийна дац | We’re Not Married | Аннабел Джоунс Норрис |
1952 шо | Чкъор цӀечера баьчча а, кхибераш а | O. Henry’s Full House | Проститутка («Фараон и хорал») |
1952 шо | Маймалан къинхьегам | Monkey Business | Мисс Лоуис Лорел |
1952 шо | Неъ ца тухуш чу ва мега | Don’t Bother to Knock | Нелл Форбс |
1953 шо | Ниагара | Niagara | Роуз Лумис |
1953 шо | Миллионере маре муха вагӀавеза | How to Marry a Millionaire | Пола Дебевуаз |
1953 шо | Джентльменашна блондинкаш еза]] | Gentlemen Prefer Blondes | Лорелей Ли |
1954 шо | Шоу-бизнесел тоьлла бизнес йац | There’s No Business Like Show Business | Вики Хоффман / Вики Паркер |
1954 шо | Йуха ца доьду хи | River of No Return | Кей Уэстон |
1955 шо | Лааман ворхӀ шо | The Seven Year Itch | Девушка |
1956 шо | Автобусан сацор | Bus Stop | Шери |
1957 шо | Принц а, хелхархо а | The Prince and the Showgirl | Элси Марина |
1959 шо | Джазехь йоьӀарий бен бац | Some Like It Hot | Душечка (Дана Ковальчик) |
1960 шо | Займемся любовью | Let’s Make Love | Аманда Делл |
1961 шо | Неприкаянные | The Misfits | Розлин Табер |
1962 шо | Цхьаъ хила деза | Something’s Got to Give | Эллен Уагстафф Арден |
Библиографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]The Guardianс йаздарехь, Монрох лецна йазйина 300 книга а, диссертаци а, и к. д.[25]. Хьахара а, и дийна йолуш цхьаъ бен йоцург а зорба тохар ду 1961 шарахь арахецна йолу «Мэрилин Монро» аьлла Морис Золотовс йазйина книга.
- «Мэрилин Монро» Дональд Спото
- «Мэрилин Монро къайлах дахар» Рэнди Тараборрели
- «Символ» Алва Бесси
Оьрси маттахь:
- Гомбо А. Мэрилин Монро: Блондинка на Манхэттене / Пер. с фр. Е. Головиной. М.: КоЛибри, Азбука-Аттикус, 2012. — 176 с., ил. — (Персона). — 4000 экз., ISBN 978-5-389-02857-9
- В. Головской. Мэрилин Монро. Жизнь и смерть, М. : «Захаров», 2007, 2008
- Мэрилин Монро: Страсть, рассказанная ею самой / Пер. с англ. Н. Павлищевой. — М.: Яуза-пресс, 2012. — 320 с. — (Уникальная автобиография женщины-эпохи). — 10000 экз., ISBN 978-5-9955-0429-0
- Тараборелли Р. Мэрилин Монро: Тайная жизнь самой известной женщины в мире / Пер. с англ. А. Степановой. М.: Эксмо, 2012. — 608 с., 3000 экз., ISBN 978-5-699-56861-1
- Чеботарь С. А., Вульф В. Я. Мэрилин Монро. Немеркнущая «звезда». М.: Яуза, Эксмо, 2013. — 160 с. — (Виталий Вульф о великих женщинах XX века). 5000 экз., ISBN 978-5-699-61059-4
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Marilyn Monroe Biography
- ↑ Свидетельство о рождении — 1926.
- ↑ Marilyn Monroe // https://www.mymovies.it/persone/-/810
- ↑ Internet Movie Database (инг.) — 1990.
- ↑ Marilyn Monroe: Fast Facts . cmgww.com. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 6 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 17 октябрехь
- ↑ Marilyn Monroe Biography . Biography.com. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 6 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 17 октябрехь Архивйина 2011-08-07 — Wayback Machine
- ↑ Мэрилин Монро. Жизнь в мире мужчин\Софья Бенуа.- М.:Алгоритм, 2012. — 12
- ↑ Мэрилин Монро \Анна Плантажене; пер. с фр. и вступ.ст. Е. В. Колодочкиной. — М.: Молодая гвардия; Палимпсест, 2011. — 265(7) с.: ил. — (Жизнь замечательных людей: Малая серия: сер.биогр.;вып.14). — 53
- ↑ Статья «Мэрилин Монро: Взлёты и падения» на сайте «Женские штучки».
- ↑ Мэрилин Монро. Немеркнувшая «звезда» \ Виталий Вульф, Серафима Чеботарь. — М.: Яуза : Эксмо, 2013. — с.34
- ↑ 1 2 Мэрилин Монро \Анна Плантажене; пер. с фр. и вступ.ст. Е. В. Колодочкиной. — М.: Молодая гвардия; Палимпсест, 2011. — 265(7) с.: ил. — (Жизнь замечательных людей: Малая серия: сер.биогр.;вып.14). — 54-56
- ↑ Мэрилин Монро \Анна Плантажене; пер. с фр. и вступ.ст. Е. В. Колодочкиной. — М.: Молодая гвардия; Палимпсест, 2011. — 265(7) с.: ил. — (Жизнь замечательных людей: Малая серия: сер.биогр.;вып.14). — 57, 65
- ↑ McLellan, Dennis (August 18, 2005). "James Dougherty, 84; Was Married to Marilyn Monroe Before She Became a Star". Los Angeles Times. Дата обращения: 2011 ш. 13 майхь.
- ↑ "Personal Letter from a 16-Year Old Marilyn Monroe Sells for $52,460 at Bonhams & Butterfields" . artdaily.org (2011 шеран 20 апрель). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 7 май. Архивйина 2012 шеран 17 октябрехь
- ↑ Мэрилин Монро. Немеркнувшая «звезда» \ Виталий Вульф, Серафима Чеботарь. — М.: Яуза : Эксмо, 2013. — с.48
- ↑ "Marilyn Monroe: Still Life" . PBS (2006 шеран 19 июль). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 8 май. Архивйина 2012 шеран 17 октябрехь
- ↑ "Tony Curtis: 'Marilyn Monroe miscarried my baby'" . The Telegraph (2009 шеран 7 август). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 8 май. Архивйина 2012 шеран 17 октябрехь
- ↑ Marilyn Monroe - Still Life | American Masters . PBS (2006 шеран 19 июль). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 6 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 17 августехь
- ↑ The Official Web Site of Ella Fitzgerald . ТӀекхочу дата: 2012 шеран 6 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 17 августехь Архивйина 2012-06-27 — Wayback Machine
- ↑ Marilyn Monroe | Reader's Digest Version . Rd.com. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 6 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 17 августехь Архивйина 2013-05-21 — Wayback Machine
- ↑ Причины самоубийств
- ↑ Marilyn Monroe . Walk of Fame. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 14 август. Архивйина 2012 шеран 17 августехь
- ↑ «Улетающее» платье Мэрилин Монро продано за $4,6 млн
- ↑ В Чикаго появилась огромная скульптура Мэрилин Монро: каждый может заглянуть ей под платье
- ↑ Happy birthday, Marilyn . guardian.co.uk (2001 шеран 29 май). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 6 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 17 октябрехь
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Marilyn Monroe Викилармехь |