Чаплин, Чарльз
Ча́рльз Спе́нсер (Ча́рли) Ча́плин | |
---|---|
Charles Spencer «Charlie» Chaplin | |
Бакъ цӀе | инг. Charles Spencer Chaplin |
ГӀуллакхан тайпа | кинорежиссёр, композитор, киноактёр, сценарист, кинопродюсер, комик, монтажёр, автобиограф, театральный актёр, кинокомпозитор, актёр, Режиссёр, Продюсер, йаздархо |
Вина терахь | 1889 шеран 16 апрель |
Вина меттиг | Лондон, Ингалс |
Кхелхина терахь | 1977 шеран 25 декабрь (88 шо) |
Кхелхина меттиг | Веве, Швейцари |
Корматалла | артист |
Гражданалла | Ингалс, Швейцари |
Да | Чарльз Спенсер Чаплин |
Нана | Ханна Чаплин |
Зуда |
|
Бераш | 12 |
СовгӀаташ | |
Куьг таӀор | |
Ча́рльз Спе́нсер (Ча́рли) Ча́плин Викилармехь |
Ча́рльз Спе́нсер (Ча́рли) Ча́плин (англ. Charles Spencer «Charlie» Chaplin; 1889 шеран 16 апрель — 1977 шеран 25 декабрь) — америкин а, ингалсан а киноактёр, сценарист, композитор, режиссёр.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бералла (1889—1909)
[бӀаьра нисйан | нисйан]Чарли Чаплин винера 1889 шеран 16 апрелехь Лондонехь. Цуьна да а, нана а мюзик-холлан артисташ бара. Нана, Ханна Чаплин, йара хелха йолуш а, эшараш локхуш а тайп-тайпана театрашках. Да, Чарльз Чаплин-вокхаверг, вара 1880-гӀу шерашкахь Лондонера мюзик-холашкахь гӀарваьлла эшархо. Масийттаза иза гастролешка ваханера Европе а, Нью-Йорке а. Цо локхуш йолу эшаршан йуккъехь цхьаераш цо ша йазйина йара. Амма иза мала волавелира. 1901 шеран 9 майхь 37 шо кхаьчча волуш иза велира[1].
Чарли дуьххьара сцени тӀе велира 1894 шарахь, пхи шо кхаьчна волуш, мюзик-холл программехь ше ненан меттан. Легашан цамгар бахьнехь тӀаьххьаре цуьна ненан аз дайра. Чарлис эшар локхуш дукха чогӀа хазахетта нах цунна ахчанаш кхисса буьйлабелира. Эшар локхучур сецна иза ахча гулда волавелир. Гулдин велча югӀа а сцени тӀе хьала а ваьлла цо эшар чекхйаьккхира. Иза йара Чарлин хьалхара концерт а, цуьнан ненан тӀаьххьарниг а.
Майра веллачул тӀехьа Чарлин нана чӀогӀа цомгуш хилира. Ханна Чаплин а, цуьна ши кӀант а къинхьегамхойн цӀачу кхечира. Ши къант, Сидий, Чарлий дӀавелира боберийн а, къен бохкучу нехан школе. Цера дийзира шайна рицкъ даккха. 1896 шарахь цера нана кхетам чуьра ялла психиатрин больнице дӀайигира.
1898 шарахь Чаплин «БархӀ Ланкаширера кӀант» аьлла берийн хелхара тобана йукъавахара[2]. 1900 шо дӀадолалуш оцу тобанас «Золушка» аьлла пантомимехь дакъалецира. 1901 шарахь Чаплин оцу тобана йукъара дӀавелира.
Чаплин наггахь бе школе ца воьдура. Дукха хьолехь цо меъ-меънехь болх бора, амма цхьанхьа ца хьелура хенан жима хилар бахьнехь.
1903 шарахь, иза 14 шо кхаьчна волуш хенахь, цунна театрехь болх карийра. Цуьна хьалхара роль йара Билли хьадалча «Шерлок Холмс» аьлла пьесехь. Цу хенахь Чаплин деша хууш вацара. Шега и роль йеша аларна кхоьруш вара иза. Роль Ӏамош цунна цуьна вашас гӀодира.
Масийтта шарахь цо варьетехь болхбира. 16 шо кхаьчна дуьна цо шена чӀондар Ӏамо лууш хӀора дийнахь 4-16 сахьтехь болхбора, шена бойзучаргара урокаш оьцуш.
1908 шеран 21 февралехь цунна йелира меттиг Фред Карно театран предприятехь. Оцо кича скетчаш а, пантомимаш латтайора дукха мюзик-холашна. Кестта Чаплин оцу театрехь цхьайолу хӀотторашкахь хьалхара артист хилира (оцу хӀотторашках цхьаераш цо кхоно экране йаьккхира).
Америкехь даьккхина дуьххьара шераш (1910—1913)
[бӀаьра нисйан | нисйан]1910 шеран сентябрь дуьйна 1912 шеран июнь кхаччалца Чаплин Карно труппица Америкехь гастролешкахь вара. 1912 шарахь уьш 5 баттан Англе йухабогӀу, амма 2 октябрехь йуха а Америке дӀабахара. Чаплинан дагадеара Америкехь саца. Чаплин кхоно Стэн Лорел аьлла псевдонимца вевзина волу Артур Стенлица цхьана чохь Ӏаш вара.
Мак Сеннет кинопродюсерна Чаплинс бешболу болх хазахетта цо иза шен «Кистоун» киностуди кхайкхинера. 1913 шеран 23 сентябрехь Чаплинс «Кистоунца» контракт йазйинера хӀора къирнах 150 доллар алапан[3].
Цкъа хьалха къоначу актеран халадара кинематографан тӀедилларшца тарвала. Чаплинс дакъалецна хьалхара фильм якхинчула тӀехь Сеннетс аьллера Чаплин балха эцара шен гӀалат дара[4].
Мак Сеннетс халонца Чаплине кхидӀа болхба йишйелира. Амма кхоно къона актер дакъалоцу фильмаш са йала йолайелира. ТӀаьххьаре Чаплин киностудийн тоьлла артист хилира. Чаплин сценарист а, режиссер а болх беш йолу Мэйбл Норман куьйга кӀел вахара. Амма Чаплин вараш шен фильмаш ша йа лууш. Кино йоккхучу хенахь цера девнаш дуьйлура. Амма цера йукъаметтигаш ца телхира[5].
Кхерстанча васт схьайалар, Чаплин гӀарвалар (1914—1918)
[бӀаьра нисйан | нисйан]Цкъа хьалха Чаплин Сеннетс йоккхуш йолу фильмий хатӀ лело гӀертара. Амма и хатӀ йитчи бе иза гӀар ца волу. Кестта иза гӀарваьлла киноактер хилира. Чаплин шен экранан васт шарйа волавелира. Дуьххьара цуьна персонаж тӀехьаьжна къух тервара. Амма тӀехь-тӀехьа жим-жималца цуьна дикалла а, лиризм а совйолура.
Кхерстанча дуьххьара гучуволу 1914 шеран 7 февралехь премьера хилла «Берийн машений сихалла» комедехь. И васт муха схьаялла Чаплинс дуьйцура[6]:
Суна ца хаьара муха грим йа йеза. Со сайн куцан резавацар. Костюмерны чуьвоьдуш суна цӀеххьана дагадеара шуьра, кхозуш хеча тӀейоха, чӀогӀа йаккхи мачаш а, котелок а, кера Ӏаса эца а. Суна леара сан бедарш цхьана ца йогӀуш хила: дукха шуьйра хеча а, готта костюм а, жима котелок а, йаккхи мачаша а. Суна ца хаьара со жима хила веза, йа воккху хила веза. Амма суна дагадеара со Сеннетна дукха жима хетар. Цун дела аса сайна жима мекхаш тӀелатийра. Суна хетара и мекхаш бахьнехь со воккху хетар ву, ама цара са мимика къайла йоккхур йац аьлла. Кечлуш хенахь суна ца хаьар хӀун амал хила йеза оцу вастан тӀехьа, амма со кеч ма велла сан костюмс а, гримс а схьаэлира сога хила йеза васт. Со павильончу веача сан персонаж кхоллайелира.
Кхерстанча дукха хууш а, цхьана ца йогӀу амалаш йолуша а вара. Шен цӀенга хьаьжна а воцуш, цуьна амалаш эхӀ-аьлла йу, джентельменан бедар а, дикалла а йу. Оцу вастахь дукха дакъанаш Чаплинел хьалха пайда эцнера кхоьчу комикаш. ӀасантӀе а вазвелла дӀахӀоттар Чаплинс шен дегара хьаийцира — иза гинера цун цхьана цӀера суртан тӀехь. «Верстина» Арбаклс лелайора шен вастаца йогӀуш йолу жима котелок а, нана йоккху хеча а. Честер Конклинс ша комедийш йоккхуш лелайора фрак, Форд Стерлингс лелайора 47-гӀа барам болу мачаш, Мак Суэйнс леладора жима мекхаш. Амма и массо хӀума цхьанатоьхча а, шегара цхьацца хӀуманаш тӀетоьхча а (Чаплинс аьрру мача аьтто кога тӀеюхура, аьтто мача аьрру кога тӀеюхура), цуьнга кхоллайелира шатайпа Кхерстанчи васт.
Жим-жимма кино йаккхар массо агӀонаш шена Ӏамча, Чаплинан кхачаме ца хетара актер болх бе ша беш ца хилча. Цо Сеннетегара шена бакъо йаьккхира ша кино йаккха. Кестта Чаплин кхийтира Сеннетан ша болх мел бо ша паргӀат хира воци. Цундела иза «Кистоунера» балхара дӀаволу.
1914 шарахь Чаплинс йаьккхира шен дуьххьара фильм «ДогӀан къела нисвелларг» ша артист, режиссер, сценарист а волуш. Цуьна алап сиха тӀекхеташ дара: 1914 шарахь «Кистоун» студехь цо кӀирнах доккхура 150 доллар, 1915 шарахь «Эссеней филм» студехь цуьна алап дара 1250 доллар хӀора кӀиранх, цул сов 10 эзар доллар контрактех, 1916-17 шарашкахь «Мьючуэл филм» студехь — 10 эзар доллар хӀора къирнах, цул совнах 150 эзар доллар контрактех. 1917 шарахь Чаплинс чӀагам бинера «Ферст Нэшнл» студица цхьан миллион долларан. Цу хенахь иза массарелла веза актер вара.
United Artists студехь бина болх (1919—1939)
[бӀаьра нисйан | нисйан]Цхьа хан ялча Чаплинан шен кхолларалехь паргӀато йазна. 1919 шарахь цо хьайиллина «Юнайтед Артистс» студи. И хьайоллуш цунна гӀо деш бара Мэри Пикфорд, Дуглас Фэрбенкс, Дэвид Гриффит. Царна лаьара кинопрокатчикий а, финансистий а куьйга кӀелара бовла. Студи йиллиначултӀехь Чаплине йиш хилира шена ма луа фильмаш. Чаплинс болх бира «Юнайтед Артистс» студехь ша 1950-гӀа шарашкахь Амеркира дӀаваггӀалц.
Массо а Чаплинс шен студехь йахна фильмаш йуьззина метраж йолуш йара. Хьалхарниг йара «Парижанка» аьлларг (1923 шо). Иза Чаплинан кхолларалин тайпаналин йоцу психологически драма йара. Оцу фильмехь Чаплин ша цкъай бен гучуцавелира камео ролехь. «Парижанка» башха хаза а ца хийтира хьовсархошна. Амма критикаш а, кинематографисташ а реза хилира цунна[7].
Цул тӀаьха цо йаьккхира «Дешин хорша» а (1925 шо), «Цирк» а (1928 шо).
1921 шарахь «Олимпик» лайнер тӀехь Чаплин Европе вахара[8]. Иза вогӀи хиъча Лондонехь а, Парижехь а дукха нах гулло. Лондоне иза веача дуьххара кхаа дийнахь цуьнга деара 73 эзар кехат. Берлинехь тӀом чекхбеллачул тӀехь цуьна фильмаш гойтуш йацара, цундела иза цхьанна а ца войзар. ШозлугӀа Чаплин веара Европе 1931 шарахь цуьна керла «Йокху гӀалин серло» аьлла фильман премьера йолуш. КхозлугӀа иза веара Европе 1936 шарахь шен «Керла зама» аьлла фильм гайта.
1922 шо кхаччалца Чаплине шен цӀа дацара — иза вехара гостиницашкахь, аренде лаьцна цӀеношкахь, клубашкахь. 1922 шарахь Чаплинс шена цӀено дира Беверли-Хиллс аьлла Калифорнехь йолу гӀаличохь. Оцу цӀеночохь 40 чоь йара, кинозал а, орган а.
Кино чохь аз дуьххьара 1927 шарахь йукъаделира, амма кхиа итт шарахь Чаплинс аз доцу фильмаш йоккхура. Чаплинс дуьххьара аз долуш йаьккхина фильм йара 1940 шарахь йаьккхина «Сийлахь-воккху диктатор». Иза йара тӀаьххьара фильм чохь Кхерстанча а волуш.
Америкехь хьийзам болабар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Америкехь маккартизм йолаелча Чаплин америкин дуьхьал болх беш ву аьлла бехкева болабелира. Иза къайлах коммунист ву аьлла шекбойлера. ФБР куьйгалхо Эдгар Гувер омра йинера Чаплинах лаьцна досье гулйеш беш болу болх чӀагӀбе аьлла. И досье гулдеш болх 1930-гӀа шарашкахь болабина бара. Цул совнах Гувер гӀертара Чаплин Америкера араваккха. ФБРс Чаплин хьийзавар совделир Чаплинс 1942 шарахь шозлугӀа фронт хьаялларгахьа кампани йиначулатӀехь. 1940-гӀа шараш чекхдолуш хенахь конгрессменаш бара Чаплин конгрессе кхайкха гӀерташ. Амма цара иза ца дира, схьахетарехь, цо шайх лаьцна цхьа кхардам баккхарна кхоьруш[9].
1952 шарахь Чаплинс йаьккхина «Рампина серло» аьлла фильм. Иза йара кхолларалах а, кхолларалин болх бечу стагахь а лаьцна. 1952 шеран 17 сентябрехь Чаплин Лондоне вахара шен керла фильм премьерина. Гуверс иза йуха ца ваийтина, цуьна цӀе Оруэлл спискехь йу аьлла[10].
ТӀаккха Чаплин Швейцарехь йолу Веве аьлла гӀалахь Ӏа волавелира.
Политика бахьнехь хьийзавар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьлахара дуьненан тӀом болу хенахь Америкин эдалан дехарца пачхьалкхан облигациш йаржош дакъа лоцуш вара. И бахьнехь иза а, Мэри Пикфорд а, Дуглас Фэрбенкс а леррина гулйина митингашкахь бистхуьлура.
Чаплинс «Керла зама» аьлла фильм йаккхича ФБРс иза тидаме ийцира.
Чаплинс «Сийлахь-воккху диктатор» фильм йоккхуш хенахь Чаплинега олура цуьна фильм цензурехь чекхъера йац. Цуьнга олура и фильм ма йаккха, иза цкъаа Америкехь йа Англехь гойтура йац.
Германи СССРн тӀекхеттачултӀехь эдил Чаплин хьийзочура сецира, амма хьовсархойгара кхерамаш туьйсуш кехаташ аьха доладелира. Цхьа долчу кехаташчохь йаздора «Диктатор» гойтуш хенахь зал чу садукъдо газ йолуш бомбанаш кхуьссур йу аьлла а, экранах герз даьттарду аьлла а. Чаплин барт ба гӀиртира портан грузчики профсоюзан хьаькимца кинотеатраш ларйаран.
«Диктатор» фильм араялча «Дейли ньюс» аьлла нью-йоркера газетас йаздора, «Чаплинс хьовсархошна „коммунистин пӀелг“ Ӏуьттура» аьлла. Нацистан пропагандас Чаплин жуьгти ву олура. Америкен дуьхьул бешболу балхан комиссис Чаплине балхан таллар долийра. Оцу таллар йукъахь цхьа дакъа дара Чаплине къам къастадар.
«Месье Верду» аьлла фильм йоккхуш хенахь Чаплин Вашингтоне кхайкхира Америкин дуьхьал беш болу балхан таллар до Комиссис, амма кхоно кхайкхар дӀадекхир. Голливудера 19 стаг дӀакхийкхинера. Царехь шай бакъонаш йица болабелларш цхьана шеран набахте чубуьхкира Комисси ца ларарна. Чаплинс дуьйцура, Комиссехь велархьамма иза Комисси йолчу Кхерстанча дохарехь ва лууш вара. И бахьнехь Комиссис шен кхайкхар дӀадекхир[11].
Чаплин цкъа а ца хилла Америкен гражданин. «Месье Верду» фильм цензурас чекх ца йолитара[12]. Иза чекх йалийтир кхи цхьаъ монтаж йиначул тӀехь. «Месье Верду» гойтуш хенахь цунна дуьхьалонаш йора. Газеташкахь Чаплинан дуьхьал хӀумнаш йазйора. Коммунист ву аьлла Чаплинан бехк биллар совнах[13], цунна бехк буьллура иза Америке гражданин вац аьлла.
«Католикин легион» боху тобана фильман бойкот йира, кинотеатраш «Месье Верду» гайта реза ца хуьлура. Газеташкахь «Католикин легион» йина пикеташи сурташ тӀедеттар. Цергахь долу плакаташ тӀехь йазйина хуьлура «Чаплин — цӀечера некъахо!», «Неха стаг араваккха вайн пачхьалкхан!», «Чаплин дукха хьевелла вайгахь!», «Чаплин Россие дӀахьажаве!». Амма и фильм Оскар совгӀатан халхатеттинера «Тоьлла сценари» категорехь.
1952 шарахь Чаплинан лиира Англе вагӀа. Цо дийхира иммиграцин белхалошка йухава бакъо лушйолу виза. Иммиграцин гӀуллакхош шайн таллар йолайира. Иза масийтта беттан йахйелира. Амма тӀаьххаре а виза йелира цара. Амма Чаплин Америке дӀавогӀучу хенахь Чаплинега хаитира иза Америке йухава ца магитиний. Нагахь санна цунна пачхьалкхан чу ва лаахь, цуьна иммиграци департамент комиссин цхьацца политикин бехкдаран жоп дала дезарду. Цул совнахь цунна цхьацца телхинхилар бехк биллина бара. Чаплинан и хьовзам боккхуш дакъа лецир Америке хирволу президент Ричард Никсон.
Чаплин Америкера дӀаваханчул тӀехь Америкера налоган департамент Европехь Чаплинс гайтина йолу «Рампин серло» фильман тӀера 1955 шо кхаччалц налог йаьккхина. Америкен налоган департаментс Чаплин Америкин гуттарлера вахархо лоруш вара. Чаплин йиш ца хилира америкен суде дехар да шен бакъонаш ларйа.
ТӀаьххьара белхаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Швейцарехь Чаплинс йазйира эшар шен аздоцу фильмашна, «Дешин хорша» фильман аз дира.
1954 шарахь цунна делира Халкъашна йуккъера Машеран совгӀат.
Ша йаьккхина «Паччахь Нью-Йоркехь» аьлла фильмехь (1957 шо) и ша левзира коьрта роль.
1962 шарахь Чаплинс шен мемуараш арахийцира. Оцу мемуарашца «Чаплин» аьлла исбаьхьаллин фильм йаьккхира (1992 шо).
1967 шарахь цо шен тӀаьххьара «Гонконгера графиня» аьлла фильм шен сценарийца йаьккхира. Цу чохь коьрта ролешкахь бара Софи Лорен а, Марлен Брандо а.
Ларам а, валар а
[бӀаьра нисйан | нисйан]1972 шарахь цунна шозлугӀа йелира «Оскар». И бахьнехь иза Америке веара йоцца хан йаккха — цунна кӀезиг виза бе ца йелира.
1975 шеран 4 мартехь иза рыцарь вира Елизавета II.
1977 шеран 25 декабрехь Чаплин наб ечахь велира шен цӀено чохь Вевехь. Циггара кешнашкахь дӀавоьллира иза.
Чаплин безамна Женевин Ӏаьмна йистехь хӀоттина хӀоллам.
1978 шеран 1 мартехь Чаплинан дакъ хьа а деккхина лачкъинера мах баккхарна[14]. Полицис къуй хьалецира. Цуьна дакъ йуха а дӀадоьллира 1978 шеран 17 майхь Швейцарехь Мероуз цӀе йолу кешнашкахь Корсье-Сюр-Веве гӀалахь тӀоьгӀула 1,8 м бетон йиллина йухаа иза лачкъа ца дайта.
Чаплинс йоаза зуда йалийра, цунах 12 бер диснера. Царех цхьаберш г1иртира артисташ хила, амма йевзаш артист Джеральдина Чаплин бен ца хилира.
Лархой а, ӀаткӀам а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Чаплин Ӏаламат чӀогӀа гӀарвалар бахьнехь дукха нах гӀиртира цунах тарбала. «The Сandy Kid» (1917) фильмехь Билли Уэстс схьаицира Чаплинан амалш[15]. Цхьадолу иштта лелараш бахьнехь цакхетараш нислора. Масала, «Чаплинс йаьккхина ю» аьлла «Пропеллер тӀехь волу стаг» боху 1922 шарахь Москвахь гайтина фильм прессехь йицира Алексей Ганс[16].
Ша йица мегир йу Чаплине а, цо кхоьллинчу Кхерстанчи вастан а ХХ бӀешеран хьалхара эха исбаьхьалли боламанаш тӀе. Иштта, йевзаш йу «Чаплин — йалха суртехь трагигротеск» аьлла пьеса (1924 шо, Мелхиор Фишер)[17], «Чаплиниада» аьлла «кино-поэма» (1920 шо, Иван Голль)[18].
Чаплинехь лаьцна Владимир Маяковскийс йазйира «Киноповетрие» аьлла байт (1923 шо)[19]:
Молчи, Европа, дура сквозная!
Мусьи, заткните ваше орло.
Не вы, я уверен, —
не вы, я знаю, —
Над вами смеется товарищ Ша́рло.
Кхерстанчи сурт дуьллура бойзушбола художникаш, царна йукъахь Фернан Леже а, Марк Шагал а[20]. Шагал 1927 шарахь интервью луш элира[21]:
Суна хазахийтира Германехь хилла экспрессионизман триумф, Фрацехь сюрреализм йолайалара, экрантӀехь Чарли Чаплин гучувалара. Чаплин кинохь да гӀерташ ву со сайн сурташ тӀехь да гӀертараг. Тахана иза цхьаъ бе воцу художник ву суна йукъара мотт карорболуш.
Иштта Чаплинан исбаьхьаллин мах лакхара хадора Илья Эренбургс[22]:
Шарло вайн ву, керла, ФУТУРИСТ. Амма иза куьйгалле хӀоьттинаг кхетачера а, хуучера кружокаш йацара. Иза хьалхара куьйгалле хӀоьттира динна халкъашна. <…> Вайна го — Шарло дог-ойлан артист вац, дог ирахӀоьттин комик вац, амма къовламе КОНСТРУКТОР ву, леррина массо а леларан схема хоттош йуккъерчу бӀешерен жонглер санна. Цо нийса ФОРМУЛИЦА самукъадоккху.
Чаплинца доьзна исбаьхьалли ойланех лаьцна, цуьна кхолларах а лаьцна деша мегирду Юрий Цивьянс йазбина болхтӀехь «О Чаплине в русском авангарде и о законах случайного в искусстве» (2006)[20].
Аздоцу кино меттан аздолушъерг еанехь а, Чаплин кхолларалли йоккха Ӏаткъам йара дукха комедин арстисташна. Къаьстина иза гуш йу Жак Тати боху французан артисти кхолларалехь. Цо йохучу аздолу фильмаш чохь боккху кхиамца лелайора аздоцу кинохь хуьлушйолу кепаш (масала, «Юло боху элин каникулаш»). Кхерстанчи васт къестина гуш йу советски клоун Карандаш кхолларалехь.
Ша тайпа Чапланан лархо лара мегирду Гонконгера актер а, латар говзанча а Джеки Чан. Цо лелайо шера трюкан говзалла динна самукъане ситуаций чахчаре кхоллархам.
«Бенни и Джун» фильмехь Сэм боху персонаж шен дохарца а, боларца а Чаплинах тераву. Оццу фильмехь Сэмс гойту булкашца хелхар.
Самукъане хилларш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Чаплин диъ де воккха вара цо «Сийлахь-воккха диктатор» фильм чохь гайтина волу Гитлералла;
- Чаплин гаьззо вара;
- Чаплинс дуьххьара аьцна маше 4900 доллар доккху сиха а, йеза а Locomobile йара;
- Чаплинан дукхаеза спорт йара бокс. «Йоккха гӀалин серло» бохуш фильмехь коьрта роль левзина йолу Вирджиния Черилл Чаплинан евзира стадионехь иза боксе хьажа вахача. «Чемпион» аьлла фильмчохь Чаплинс левзина боксеран роль;
- Чаплинан дукха деза хелхар дара танго. «Йоккха гӀалин серло» аьлла фильмехь цо «вовшахтуьхуьр» бокс а, танго а;
- Чаплинс шен фильмаштӀехь даьккхира 10,5 млн доллар;
- Социальны кредитах лаьцна Клиффорд Дугласас йазйина кинжк яшча, Чаплинс шен мел йолу акциш йохкира 1928 шарахь — Йоккху депресси йолаяле.
- Чаплинс фильмаш йоккхуш хенахь цхьаъ бен бала ца белира — «Тийна урам» аьлла фильм йоккхуш хенахь Чаплин ша лазийра.
- Цхьана дийнахь Кхерстанчехь терниш къастош болу къиссамехь ша мила ву ца хоитуш дакъа лаьцча Чаплин финале а ца кхечира[23];
- Чаплинан массарелла дукха везаш волу комик Бенни Хилл вара. 1991 шарахь Хилл Чаплин доьзалла болчу веъча цунна гайтира Чаплин гулйина Бенни Хилл шоу тӀехь йолу йоккха видео гулдар;
- 1920-гӀа шарашкахь Кхерстанча Европехь войзуш вара «Шарло» цӀе йолуш;
- Революци хилали Россиехь Чаплинс йаьккхина фильмаш хаза хеташ йацар. Цунах лаьцна «Проектор» журналехь йаздинера[24]:
Чаплин аьттехьа комически актер вац. Иза клоун ву, шена тӀараш доьттитуш верг ву. Россиехь Чаплине кхиам хуьлуьла дац. Иза таьх вон, гома ву, исбаьхьалли вац. Макс Линдер а, Пренс а, Паташон а, Андре Дид а вайн дуккха а цулла гергара бу, кхета атта а бу.
Йуьззина метраж йолу фильмаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1914 шо — Тиллин хедда везаш хилар (Tillie’s Punctured Romance, кхи цӀераш — For the Love of Tillie / Marie’s Millions / Tillie’s Big Romance / Tillie’s Nightmare; актёр; исторехь хьалхара йуьззина метраж йолу кинокомеди)
- 1921 шо — Жима кӀант (The Kid; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, монтажёр)
- 1923 шо — Парижанка (A Woman of Paris; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр (камео), монтажёр)
- 1925 шо — Дешин хорша (The Gold Rush; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, монтажёр)
- 1926 шо — Зуда хӀорд йистехь (A Woman of the Sea; продюсер)
- 1928 шо — Цирк (The Circus; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, монтажёр)
- 1928 шо — Исбаьхьаллин нах (Show People; камео)
- 1931 шо — Йоккху гӀалин серло (City Lights; кхи цӀе — City Lights: A Comedy Romance in Pantomime; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, монтажёр, композитор)
- 1936 шо — Керла зама (Modern Times; кхи цӀе — The Masses; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, композитор)
- 1940 шо — Сийлахь-воккху диктатор (The Great Dictator; кхи цӀе — The Dictator; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, композитор)
- 1947 шо — Месье Верду (Monsieur Verdoux; кхи цӀераш — A Comedy of Murders / The Ladykiller; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, композитор)
- 1952 шо — Рампин серло (Limelight; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, композитор)
- 1957 шо — Паччахь Нью-Йоркехь (A King in New York; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, композитор)
- 1967 шо — Гонконгера графиня (A Countess From Hong Kong; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр (камео), композитор)
Йоца фильмаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]«Keystone» студис йаьккхина фильмаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Массо фильм арахецна 1914 шарахь:
№ | Премьера | ЦӀе | Оригинал | Кхи цӀераш |
---|---|---|---|---|
1 | 2 февраль | Рицкъ доккхуш | Making a Living | A Busted Johnny; Troubles; Doing His Best; Take My Picture |
2 | 7 февраль | Берийн машений сихалла | Kid Auto Races at Venice | The Children’s Automobile Race; Kid’s Auto Race; The Pest |
3 | 8 февраль | Мэйбл Ӏаламат холча хӀоттар | Mabel’s Strange Predicament | Hotel Mixup; Pajamas |
4 | 28 февраль | Шина догӀан йуккъахь | Between Showers | Charlie and the Umbrella; The Flirts; Between Shaves; In Wrong Thunder and Ligh |
5 | 2 март | Джонни кинохь | A Film Johnnie | Charlie at the Studio; Charlie the Actor; Film Johnny; Million Dollar Job; Movie Nut |
6 | 9 март | Танго-гӀурт | Tango Tangles | Charlie’s Recreation; Music Hall |
7 | 16 март | Цунна йеза хан йаккхар | His Favorite Pastime | The Bonehead; Charlie Is Thirsty; Charlie’s Reckless Fling; The |
8 | 26 март | Къиза, къиза безам | Cruel, Cruel Love | Lord Helpus |
9 | 4 апрель | Тоьлла хӀусамхо | The Star Boarder | The Fatal Lantern; The Hash-House Hero; In Love with His Landlady; The Landlady’s Pet |
10 | 18 апрель | Мейбл машенан тӀам лаьцна | Mabel at the Wheel | His Daredevil Queen; A Hot Finish |
11 | 20 апрель | Безаман ткъа минот | Twenty Minutes of Love | Cops and Watches; He Loves Her So; Love-Friend |
12 | 27 апрель | Кабарехь хьалецнарг | Caught in a Cabaret | Charlie the Waiter; Faking with Society; Jazz Waiter; Prime Minister Charl |
13 | 4 май | ДогӀан къела нисвелларг | Caught in the Rain | At It Again; In the Park; Who Got Stung? |
14 | 7 май | ГӀуллакхе де | A Busy Day | Busy as Can Be; Lady Charlie; Militant Suffragette |
15 | 1 июнь | Бале жӀов | The Fatal Mallet | Hit Him Again; The Pile Driver; The Rival Suitors |
16 | 4 июнь | Цуьна доттагӀ талорхо | Her Friend the Bandit | Mabel’s Flirtation; A Thief Catcher |
17 | 11 июнь | Нокаут | The Knockout | Counted Out; The Pugilist |
18 | 13 июнь | Мэйбл гӀуллакхе де | Mabel’s Busy Day | Charlie and the Sausages; Hot Dog Charlie; Hot Dogs; Love and Lunch |
19 | 20 июнь | Мэйбл хӀусамехь йахар | Mabel’s Married Life | The Squarehead; When You’re Married |
20 | 9 июль | Самукъадоккху газ | Laughing Gas | Busy Little Dentist; The Dentist; Down and Out; Laffing Gas; Tuning His Ivories |
21 | 1 август | Реквизитор | The Property Man | Charlie on the Boards; Getting His Goat; Props; The Rustabout; Vamping Venus |
22 | 10 август | Бар цӀенкъахь йолу йуьхь | The Face on the Bar Room Floor | The Ham Actor; The Ham Artist |
23 | 13 август | ДӀахецар | Recreation | Spring Fever |
24 | 27 август | Маскарара туьтмӀажиг | The Masquerader | The Female Impersonator; The Female; The Perfumed Lady; The Picnic; Putting One |
25 | 30 август | Цуьна керла говзалла | His New Profession | The Good for Nothing; Helping Himself |
26 | 7 сентябрь | Кхоам цабораш | The Rounders | Going Down; The Love Thief; Oh, What a Night; Revelry; Tip, Tap, Toe; Two of a Kind |
27 | 24 сентябрь | Керла кехо | The New Janitor | The Blundering Boob; The New Porter; The Porter |
28 | 10 октябрь | ХӀара безаман Ӏазапаш | Those Love Pangs | Busted Hearts; Oh, You Girls; The Rival Mashers |
29 | 26 октябрь | Бода, динамит а | Dough and Dynamite | The Cook; The Doughnut Designer; The New Cook |
30 | 29 октябрь | Эхь доцу джентльмен | Gentlemen of Nerve | Charlie at the Races; Some Nerve |
31 | 7 ноябрь | Цуьна музыкин карьера | His Musical Career | Charlie as a Piano Mover; Musical Tramps; The Piano Movers |
32 | 9 ноябрь | Цуьна вовшахкхетаран меттиг | His Trysting Place | Family Home; Family House; The Henpecked Spouse; His Trysting Places; The |
33 | 1 декабрь | Хилла вовзар | Getting Acquainted | Exchange Is No Robbery; A Fair Exchange; Hello Everybody |
34 | 7 декабрь | Цуьна исторел хьалха дӀадаханарг | His Prehistoric Past | The Caveman; A Dream; The Hula-Hula Dance; King Charlie |
«Essenay» студис йаьккхина фильмаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]№ | Премьера | ЦӀе | Оригинал | Кхи цӀераш |
---|---|---|---|---|
1. | 1915, 1 февраль | Цуьна керла болх | His New Job | Charlie’s New Job |
2. | 1915, 15 февраль | Буьйса дӀайаллалц | A Night Out | Champagne Charlie; Charlie’s Drunken Daze; Charlie’s Night Out; His Night Out |
3. | 1915, 11 март | Чемпион | The Champion | Battling Charlie; Champion Charlie; Charlie the Champion |
4. | 1915, 18 март | Паркехь | In the Park | Charlie in the Park; Charlie on the Spree |
5. | 1915, 1 апрель | Машенахь вадар | A Jitney Elopement | Charlie’s Elopement; Married in Haste |
6. | 1915, 16 апрель | Кхерстанча | The Tramp | Charlie on the Farm; Charlie the Hobo; Charlie the Tramp |
7. | 1915, 29 апрель | ХӀорда йистехь | By the Sea | Charlie by the Sea; Charlie’s Day Out |
8. | 1915, 21 июнь | Болх | Work | Charlie at Work; Charlie the Decorator; Only a Working Man; The Paperhanger; The Plumber |
9. | 1915, 12 июль | Зуда | A Woman | Charlie the Perfect Lady; The Perfect Lady |
10. | 1915, 9 август | Банк | The Bank | Charlie Detective; Charlie at the Bank; Charlie in the Bank |
11. | 1915, 4 сентябрь | Шанхайваьккхинарг | Shanghaied | Charlie Shanghaied; Charlie on the Ocean; Charlie the Sailor |
12. | 1915, 20 ноябрь | Мюзик-холлехь суьйре | A Night in the Show | Charlie at the Show; A Night at the Show |
13. | 1915, 18 декабрь | Кармен | Charlie Chaplin’s Burlesque on Carmen | Burlesque on Carmen |
14. | 1916, 27 марта | Полици | Police | Charlie in the Police; Charlie the Burglar; Housebreaker |
15. | 1916, 21 октябрь | «Эссенейхь» Чаплине кхолларалла | The Essanay-Chaplin Revue of 1916 | The Chaplin Revue of 1916 |
16. | 1918, 11 август | Кхолха цатам | Triple Trouble | Charlie’s Triple Trouble |
«Mutual» студис йаьккхина фильмаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]№ | Премьера | ЦӀе | Оригинал | Кхи цӀераш |
---|---|---|---|---|
1 | 1916 шо, 15 май | Универмагера контролёр | The Floorwalker | Shop; The Store |
2 | 1916, 12 июнь | ЦӀеяйархо | The Fireman | The Fiery Circle; A Gallant Fireman |
3 | 1916, 10 июль | Кхерстарг | The Vagabond | Gipsy Life |
4 | 1916, 7 август | Сахьт даьлча буьйсана | One A.M. | Solo |
5 | 1916, 4 сентябрь | Граф | The Count | Almost a Gentleman |
6 | 1916, 2 октябрь | Йолахон туька | The Pawnshop | At the Sign of the Dollar; High and Low Finance |
7 | 1916, 13 ноябрь | Экран тӀехьа | Behind the Screen | The Pride of Hollywood |
8 | 1916, 4 декабрь | Скетинг-ринг | The Rink | Rolling Around; Waiter |
9 | 1917 шо, 22 январь | Тийна урам | Easy Street | |
10 | 1917, 16 апрель | Дарба лелор | The Cure | The Water Cure |
11 | 1917, 17 июнь | Иммигрант | The Immigrant | Broke; Hello U.S.A.; A Modern Columbus; The New World |
12 | 1917, 23 октябрь | Кхераме хӀумнаш лоьхург | The Adventurer |
«First National» студис йаьккхина фильмаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]№ | Премьера | ЦӀе | Оригинал | Кхи цӀераш |
---|---|---|---|---|
1 | 1918 шо, 14 апрель | ЖӀалийн дахар | A Dog’s Life | |
2 | 1918, 28 сентябрь | Облигаци | The Bond | Charlie Chaplin in a Liberty Loan Appeal |
3 | 1918, 20 октябрь | Белш тӀе | Shoulder Arms | |
4 | 1919 шо, 22 июнь | Малххьожу агӀо | Sunnyside | |
5 | 1919, 7 декабрь | Дийна таманаш | A Day’s Pleasure | A Ford Story |
6 | 1921 шо, 25 сентябрь | Сакъоьру класс | The Idle Class | Vanity Fair |
7 | 1922 шо, 2 апрель | Алап ло де | Pay Day | |
8 | 1923 шо, 25 февраль | Пилигрим | The Pilgrim |
Кхоьчу фильмашкахь наггахь гучувалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1914 шо — Талорхой лоьцу таллархо (A Thief Catcher, эпизодехь гучуволу полицейски)
- 1915 шо — Иза тавалар (His Regeneration, эпизодехь гучуволу эцархо)
- 1921 шо — Тамашена стаг (The Nut, эпизодехь гучуволу тӀехволург)
- 1923 шо — Духкушдолу синош (Souls For Sale, камео)
- 1923 шо — Голливуд (Hollywood, камео)
Чаплинех лаьцна фильмаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- «Чаплин» (1992 шо) — исбаьхьала фильм Ричард Аттенборо режиссёрс йаьккхина, Чаплин ролехь — Роберт Дауни-жимниг, Чаплин нана Ханна ролехь — Ханне кӀента йоӀ, Чаплинан йоӀ Джеральдина Чаплин.
- «Цавойзу Чаплин» («Unknown Chaplin», 1983 шо) — Британехь йаьккхина кхо сери йолу документан фильм. Цу йукъа йахара тамаш болуш йисина Чаплинан фильмий белха материалаш, цуьна наггахь бе йоцу цӀахь йаьккхина кадраш а, цуьна фильмий монтажан тӀаьххьара версиш йукъа ца дахан дакъош.
- «Чарли: Чаплинан дахар а, исбаьхьалла а» («Charlie: The Life and Art of Charles Chaplin», 2003) — Ричард Шикелин документальны фильм,Чаплинан дахарех а, кхоллараллех а, цуьна ХХ бӀешеран исбаьхьаллехь йолу меттигехь лецна а йаьккхина.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Robinson David. Chaplin, the mirror of opinion. 1983. Indiana University Press. ISBN 0-253-21160-3
- ↑ PHOTO PAGES from CHAPLIN STAGE BY STAGE Архивйина 2011-07-08 — Wayback Machine
- ↑ Chaplin, Charles. My Autobiography. Penguin. 1964. p. 137-139. ISBN 978-0-14-101147-9
- ↑ Chaplin, Charles. My Autobiography. Penguin. 1964. 149. ISBN 978-0-14-101147-9
- ↑ Chaplin, Charles. My Autobiography. Penguin. 1964. P. 149-150. ISBN 978-0-14-101147-9
- ↑ Чаплин, Чарльз. Перевод: З. Гинзбург. Моя биография. Москва. Вагриус. 2000. С. 343. ISBN 5-264-00127-8
- ↑ Великий художник экрана Чарльз Чаплин. Ежи Теплиц Архивйина 2012-10-17 — Wayback Machine
- ↑ TGOL — Olympic Архивйина 2016-04-13 — Wayback Machine
- ↑ Whitfield, Stephen J., The Culture of the Cold War, page 187—192
- ↑ [1] Политика а, гамо а, Чарли Чаплин а]
- ↑ А.Кукаркин. Чарлз Чаплин а, цуьна фильмаш а.-М.: Наука, 1967.-С.191
- ↑ В 1930-гӀа шерашкахь «гӀиллакх чӀагӀдархьам» тӀелецнера «Производстван кодекс» (я Хейсан Кодекс). Иза дукхахьолехь лелошяр шайна новкъа болу авторашна дуьхьул, йа къисархойшна дуьхьул. Масала, шеш реза доцучун йеха список йукъахь цензорш унитаз гайтара ца магадора
- ↑ «1930-1940-гӀа шарашкахь Чаплин СССР гӀулкхан яш йолчу пропагандехь жигара дакъа лоцура. Иза цкъа а ца хилла компарти дакъашхо, амма цунна гӀо деш вара а, цуьнга ахча а лора» (Головской) [2].
- ↑ Источники: 25 шо хьалха велла Чарли Чаплин, Чарли Чаплин: Жимачу стага боккха безам Архивйина 2013-04-04 — Wayback Machine
- ↑ Фильм «The Candy Kid» на YouTube.
- ↑ ГАН. «Человек на пропеллере» — «Зрелища», 1922, № 3. — С. 17.
- ↑ Vischer Melchior. «Chaplin. Trаgigroteske in Sechs Bildern». — Potsdam: Gustav Kiepenheuer Verlag, 1924.
- ↑ Иван Голль. «Чаплиниада. Кино-поэма» (Перевод Рюрика Рока) — «Современный запад», 1923, № 3.
- ↑ Владимир Маяковский. Полное собрание сочинений. Том 5. — М.: 1957. — С. 99.
- ↑ 1 2 Юрий Цивьян. «О Чаплине в русском авангарде и о законах случайного в искусстве» / «НЛО» 2006, № 81.
- ↑ Benjamin Harshav. Marc Chagall and His Times. — Stanford: Stanford University Press, 2004. Р. 323—324.
- ↑ Илья Эренбург. А все-таки она вертится. — М.; Берлин, 1922. — С. 127.
- ↑ Milton, Joyce. Tramp: The Life of Charlie Chaplin. New York: HarperCollins, 1996. ISBN 0-06-017052-2 (pp. 92-93).
- ↑ О. Б. «Из сказок жизни. Карьера Чарли Чаплина». — «Проектор», 1916, № 10, с. 10.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Стефен Вейсман. Чарли Чаплин: История великого комика немого кино = Chaplin: A Life. — М.: ЭКСМО, 2010. — С. 352. — ISBN 978-5-699-40883-2
- Лита Грей Чаплин. Моя жизнь с Чаплином: Интимные воспоминания = My Life With Chaplin. — М.: «Альпина Нон-фикшн», 2009. — С. 411. — ISBN 978-5-91671-037-3
- Чаплин Ч. С. Моя биография. Пер. с англ. З. Гинзбург. — М.: «Вагриус», 2000. — 520 с. ISBN 5-264-00127-8.
- Кукаркин А. В. Чарли Чаплин. 2-е изд., дораб. и доп. — М.: «Искусство», 1988. — 287 с.
- Садуль Ж. Чарли Чаплин. Пер. с франц. — М.: «Искусство», 1981. — 209 с.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Чаплин, Чарльз
- Чарли Чаплин. Сан биографи
- Чарли Чаплинах лаьцна Архивйина 2008-10-01 — Wayback Machine
- Чарли Чаплин: оьрсийн агӀо Архивйина 2012-04-22 — Wayback Machine
- Чарлз Спенсер Чаплинан Биографи, фильмографи Архивйина 2005-10-31 — Wayback Machine
- «Чарли Чаплин: Дуьненан гражданин»
- Памятник Чарли Чаплина Лондонехь.
- Чарли Чаплин сурташтӀехь Архивйина 2019-07-31 — Wayback Machine.
ХӀара йаззам Нохчийн Википедин хаьржинчарех бу |
- Адамаш абатца
- Бинарш 16 апрелехь
- Бинарш 1889 шарахь
- Белларш 25 декабрехь
- Белларш 1977 шарахь
- Википеди:Хаьржина йаззамаш актёрех лаьцна
- Википеди:Хаьржина йаззамаш Викихаамашкахь статус билгалйанза
- Ингалсан артисташ
- Ингалсан композиторш
- Ингалсан сценаристаш
- Америкин артисташ
- Америкин композиторш
- Америкин сценаристаш
- Бинарш апрелехь
- Белларш декабрехь