1703 шо
Арахьара хатӀ
Шераш |
---|
1699 · 1700 · 1701 · 1702 — 1703 — 1704 · 1705 · 1706 · 1707 |
Итта шераш |
1680‑гӀа · 1690‑гӀа — 1700‑гӀа — 1710‑гӀа · 1720‑гӀа |
БӀешераш |
XVII бӀешо — XVIII бӀешо — XIX бӀешо |
Григорианан рузма | 1703 MDCCIII |
Юлианан рузма | 1702—1703 (12 январехь дуьйна) |
Юлианан рузма византийн эрица |
7211—7212 (12 сентябрехь дуьйна) |
Рум йиллинчара дӀа | 2455—2456 (2 майхь дуьйна) |
Жуьгтийн рузма |
5463—5464 ה'תס"ג — ה'תס"ד |
Исламан рузма | 1114—1115 |
Шираэрмалойн рузма | 4195—4196 (11 августехь) |
Эрмалойн килсан рузма | 1152 ԹՎ ՌՃԾԲ
|
Цийн рузма | 4399—4400 壬午 — 癸未 Ӏаьржа говр — Ӏаьржа уьстагӀ |
Эфиопийн рузма | 1695 — 1696 |
ШирахӀиндин рузма | |
- Викрам-самват | 1759—1760 |
- Шака самват | 1625—1626 |
Иранан рузма | 1081—1082 |
Буддийн рузма | 2246
|
1703 (эзар ворхӀ бӀе кхоалгӀа) шо Григорианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу оршотахь. Иза вайн эран 1703 шо ду, 703 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 3 шо бӀешеран, 3 шо 1-гӀа иттаннаш шерашкахь XVIII бӀешеран, 4 шо 1700-гӀа шерийн.
Хиламаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Москохахь дӀайиллина дуьххьарлера москохан гимнази.
- 13 январь — Москохахь арадаьлла оьрсийн маттара зорбанан «Москохан пачхьалкхехь а, гуонахьарачу мехкашкахь а хаа, дагахь латто хьакъ долу тӀеман а, кхечу а гӀуллакхийн ведомосташ» газетан хьалхара лоьмар[1].
- 2 февраль — Аквилехь мохкбиегор, Итали.
- 14 февраль — Норчехь мохкбиегор, Итали.
- 7 май — Лемкин арахь, Долги эвлана гена доцуш (Карпател дехье) — коьртехь Эсе Тамаш волу куруцашна а, австрин регуляран эскарна а йукъахь тӀом (ГабсбурггӀаран дуьхьала къоман-маршонан тӀом 1703—1711 шш.).
- 12 май — оьрсийн эскаро йаьккхина шведийн гӀап Ниеншанц Нева эркан хикхочера[2].
- 16 май — Португалин а, Йоккха Британин а йукъара «Гуттаренна бертах» цӀе йолчу Лиссабонан барт кӀел куьг таӀийна[3].
- 22 май — Лиссабонан гергахь (Португали), француз Коетлогон тӀелета боккха туьхан мохь бохьаш догӀу 100 нидерландийн кеманийн эскадран.
- 26 май — Португали дӀакхета Сийлахь Бертах.
- 27 май — Оьрсийн паччахьаллин паччахьо Петр Хьалхарчо йиллина Петарбух гӀала[2].
- 29 июль — Дефо Даниель вихкина иэхьие бӀогӀам тӀе зуламаш бахьнехь — гӀаттам а, эладита а — политикин емалан брошюра арахецарна.
- 8 август — дуьххьара «Венин газет» арахецар.
- 1 сентябрь – Петр Хьалхарчун омарца Онегин Ӏоман берд тӀехь йан йолийна эчиг даран завод, цунах тӀаьхьа Петрозаводск гӀала хилла.
- 12 сентябрь — Ингалсан эскаро десант йо Португале французашна а, испанхошна а дуьхьала чӀагӀбалархьама.
- 19 ноябрь — Парижехь Бастилин чохь велла аьчкан маска йоьллина стаг.
- 24 ноябрь — 2 декабрь — 1703 шарахь хӀорд чӀогӀа ловзабаларо хӀаллакйира Къилба Ингалс а, Ла-Манш а, байира эзарнашкахь берд йисттера бахархой.
- 27 декабрь — Португалис а, Ингалсо а куьг йаздира Метуэнан барт тӀехь, оцу бертаца Португале а, цуьнан колонешка йал йоцуш чудахьа ингалсан сурсаташ. Барто бакъо елира Португалин Ингалсе чагӀаран экспорт йан.
- 30 декабрь — Ӏусманан султанан Ахьмад III-гӀачун урхаллин йуьхьиг (урхалла дина 1730 шо кхаччалц).
- 31 декабрь — Японехь Токион гергахь мохк бегор. Йохийна Одавара, Токио, кхин гӀаланаш, 150 000 гергга стаг велла.
- Январь-март — Японехь историн йукъабахна хиламаш хилла, масала «Акон чӀир».
- Амонтон Гийома дӀабоьллу температуро газан Ӏаткъаман а, чухоаман а бо Ӏаткъам.
- Йан йолийна Букингеман гӀала (Ингалс).
- Ньютон Исааках хуьлу Паччахьан Ӏилманан йукъараллин председатель.
- Ингалсан талламхочун Дампир Уильяман Тийна океанан къилба декъе йолчу кхоалгӀачу экспедицин йуьхьиг (чекхйаьккхина 1707 шарахь).
- Эрцгерцог Карл бартхойн эскаршца воьссина Португале.
- Венехь Пачхьалкхан банк йиллина.
- Мункачан (Карпател дехье) кӀоштахь ГабсбурггӀаран дуьхьала гӀаттам хилла. Цунна коьртехь хилла Ференц Ракоци I.
- Брынковянус дипломатин йукъаметтиг хӀоттийна Российца.
- Петр I-чо липин эчигдаран заводаш кхоллар, тӀаьхьа Липецк гӀала хилла.
Ӏилма
[бӀаьра нисйан | нисйан]Музыка
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бина
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьаьжа кхин а: Категори:Бинарш 1703 шарахь
- 15 январь — Гебенштрейт Иоганн Эрнст, немцойн лор а, анатом а; медицинин доктор, Лейпциган университетан профессор, Леопольдинин декъахо (велла 1757 шарахь[4]).
- 17 июнь — Уэсли Джон, ингалсан хьехамча а, инжийлан килс йиллинчех цхьаъ (велла 1791 шарахь).
- 23 июнь — Мария Лещинская, французийн паччахьан Людовика XV-гӀачун зуда (йелла 1768 шарахь).
- 4 август — Людовик, Орлеанан герцог, Филипп II Орлеанан цхьаъ бен воцу кӀант (велла 1752 шарахь).
- 29 сентябрь — Буше Франсуа, исбаьхьалча, суртдиллархо, агархо (велла 1770 шарахь)
- 18 октябрь — Галуппи Бальдассаре, италин композитор (велла 1785 шарахь)
- 28 октябрь — Граун Иоганн Готтлиб, немцойн скрипач а, композитор а (велла 1784 шарахь)
- 7 декабрь — Киттель Иоганн Йозеф Антонио Элизар, богемин лор (велла 1783 шарахь)
- Мухьаммад ибн Ӏабдаль-Ваххьаб, ваххьабийн кхоьллинарг (велла 1792 шарахь)
- Харрер Иоганн Готтлоб, немцойн композитор а, кантор а (велла 1755 шарахь)
Белла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа кхин а: Категори:Белларш 1703 шарахь
- 11 январь — Гревиус Иоганн Георг, немцойн классикан филолог а, текстан емалча а (вина 1632)
- 3 март — Гук Роберт, ингалсан физик (вина 1635)
- 31 март — Бах Иоганн Кристоф, немцойн композитор (вина 1642)
- 16 май — Перро Шарль, французийн йаздархо, г\араваьлла, дукхах дерг, шен туьйранийн гуламца (вина 1628)
- 26 май — Папюс Самуэль, британин йаздархо (вина 1633)
- 22 сентябрь — Вивиани Винченцо, математик а, физик а (вина 1622 шарахь)
- 28 октябрь — Валлис Джон, ингалсан математик (вина 1616 шарахь)
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Лисовский Н. М. Санкт-Петербургские Ведомости // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ 1 2 БСЭ 3-е изд. т. 14 — С. 302.
- ↑ БСЭ 3-е изд. т. 14 — С. 490.
- ↑ Аделунг Н. Н. Гебенштрейт, Иоганн-Эрнст // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.